Кадыровн резиденци цIанъян 51 миллион сом дойур ду
Кху беттан 17-чохь дIахьур йолуш ю ша аукцион. Конкурсехь тоьллачеран дезар ду оцу хIусамашчуьра кузаш цIандан а, зезагашна хиш детта а, гIишлойн уьйтIенаш цIанъян а, нехаш дIаяхьа а. 18 шарера 40 шаре кхаччалц хила беза белхахой аьлла, къастам бина заказхочо.
"Открытые медиа" хьостан информацица, Кадыровн резиденци Петарбухарчу "Зимний дворец" комплексал а йоккха лоруш ю.