Кадыров: Порошенкос даймахках баьхна украинхой
"Украинхой даймахкахь баьхна Порошенко Петрос. Оьрсийчуьрчу боьршачу нахана доза дIакъовларца оьрсашна а, пачхьалкхерчу кхечу къаьмнашна а ша тохар до моьттура цунна. Ма-дарра аьлча, исторехь буьйцучу диктаторшна коьрте ца деанарг ду цо динарг. Официалан терахьашца, ши миллион сов украинхо ву тахана Оьрсийчохь вехаш. Ткъа багарбина а вер вац, Украинехь бина а, кхиъна а болу оьрсий а, кхечу къаьмнех а схьабевлларш а. Порошенкос дихкина царна шайн гергарчу нахана а, беллачарна тIехIитта а бахка, - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.
Билгалдоккху, эзарнашкахь нохчий бу тахана Европехула, Гуьржийчухула, кхийолчу а пачхьалхкашкахула дIатарбелла бехаш. Европерчу диаспоран кеп-кепарчу терахьашца, 150 эзарна тIера 300 эзар гергга нохчий бу махках бевлла.