Гагиев Асланан бехкхилар тIечIагIдина талламчаша
Газетан хаамашца, цунна дуьхьал айдина гIуллакх 160 томах лаьтташ ду. Гуьржийчуьра схьавалар долчу Гагиевс шен криминалан карьера йолийна Къилба ХIирийчохь. Цигахь зуламхойн тоба вовшах а тоьхна, бизнесхойн а, хьаькамийн а, полисхойн а доь дойура цара. ТIаьхьо оцу тобано зуламаш леладора Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а.
Гагиевн тобано Москохан кIоштахь а, Москох а, Къилба ХIирийчохь а 49 зулама дина. Талламан комитетан зерашца, 60 сов стаг вийна цара.
Цу тобан гIуллакх кху шеран Гезгамашин-баттахь Къилба ХIирийчуьра Москох дIакхачийра кхи дIа талла.