ТIаьххьарчу дийнахь, бусий Оьрсийчуьра 50 стаг чу ца витина Украине
Украине баха некъаш къевлинчу 228 стагах 189 кеманца кхаьчнера, бисинарш шайн доларчу машенашца. КIезиг бара царлахь аьчкан некъатIехула баьхкинарш. Украинан дозанхойн урхаллан векало Демченко Антона хаамбира, 50 Оьрсийчоьнан вахархо Украине ца витира, цаьргахь оьшу кехаташ ца хиларна, я шаьш арабаьккхинчу некъан Iалашо тIе ца чIагIъярна.
Оцу юкъанна, дуьйцуш цхьа бахьана а доцуш, Оьрсийчу ца витина Украинера 150 вахархо аьлла, тIетоьхна Демчекнос.
Дахначу пIераскандийнахь дуьйнна дихкина Оьрсийчуьрчу 16 шарера 60 шаре кхаччалц болчу боьршачу нахана Украине бахка. Цхьаццадолчу бахьанашца, масала: Украинан бахархой белахь, я дарбанна, я веллачунна тIехIотта воьдуш велахь, чувуьту Украине.
Шайн пачхьалкхе бахкар дихкира Оьрсийчоьнан бахархошна, герзаш а детташ, Украинан кхо тIеман хIорда кема Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь дIалаьцначул тIаьхьа.