Айдамиров Абузарна хIоллам хIоттийна Болгарерчу Плискехь
Цу композицин автор ву скульптор Усаев Асланбек. Иза схьайоллуш хиллачу церемонехь дакъалоцуш хилла Айдамировн кIант Айдамиров Мохьмад.
"Нохчийчоь тахана" агенталло хаам барехь, Плискерчу центрехь карарчу хенахь хIоттийна бу тайп-тайпанчу къамнийн яздархойн 34 хIоллам а, бюст а.