Улус-Кертана гергахь тIом бина нохчийн ши тIемало лаьцна Оьрсийчохь
Цу хаамца а догIуш, цу шиннах цхьаъ ву 43 шо долу Дудиев Нажмудин, ткъа шолгIа ву 41 шо долу Донашев ИбраьхIим. Талламан органаш цу шина стаге бехк кховдо дагахь ю масийтта артиклехула, шайна юкъахь "бандитизм" а, "низамаш лардон органийн белхахой байа гIортар" а долуш.
Официалан версица, Улус-Кертанан гергарчу хьунхахь хиллачу тIамехь нохчийн тIемалоша вийра 84 Оьрсийчоьнан эскархо, кхин 4, чевнаш хиллехь а, дийна висина кIелхьаваьллера.