Дагестанехь нохчийн кIошт хуьлийла лаьа Сайтиевна
"Дагестанерчу нохчийн проблема, кхин долчу къаьмнийн санна, шайн кIошт цахилар ю", - элира Сайтиевс. Дагестанна куьйгалла деш керла нах хиларна сатийсам бу республикерчу нохчийн дуккха а хаттарш кхочуш дан аьтто хир бу аьлла, бохуш вара депутат.
Дагестанерчу нохчийн гуламехь дакъалоцуш вара 200 сов делегат, шайна юкъахь Дагестанан массо а кIоштан а, парламентан а, республикерчу къаьмнийн министраллан а, ткъа иштта Нохчийн Республикан Iедалан а векалш а болуш.