Бертаза шаьш футболе дигарх аьрзнаш дина бахархоша
Студенташа латкъамбина, шайна нуьцкъаша тIедилларх футболе дахка. Арахь шийла йолчу хенахь цига кхача лаам бацара шайн, амма куьйгалло бертаза дигира шаьш стадионе, ца веанарг экзаменашка вуьтур вац бохуш, кхерамаш а туьйсуш, аьлла цара.
Ишта нуьцкъаша хIоразза а буьгу Соьлжа-ГIаларчу стадионе футболца банне а бала боцу ярташкара зударий а. Футболхойн ловзу хан дIаяллалц чуьра ара ца довлуьйту шаьш, ткъа цул тIаьхьа юьрта шайн хIусамашка кхача транспорт йоцуш дуьсий, Соьлжа-ГIаларчу шайн гергарчу нахехь буьйса яккха диса дезаш хуьлу шаьш аьлла, даредина Маршо Радионе а школашкарчу а, дарбан хIусамийн а белхахоша.
ПIераскандийнахь йирзина Москохарчу ЦСКА-н а, Соьлжа-ГIаларчу "Ахматан" а матч 0:2 чоьтаца. "Ахмат" эшийна ЦСКА-но.