Оьрсийчоьнан ворхI субъектехь 10 процент лекхара ю белхазалла
Белхазалла лахара ю аьлла, хIоттийначу рейтингехь хьалха ю Москох (1,2 %), Петарбух (1, 5 %), Ямало-Ненецкан автономин го (1, 9 %), Ханты-Мансийск (2, 2 %).
Маршо Радионо байначу баттахь яздира, карарчу шарахь Нохчийчохь лаьттина белхазалла 2 проценте охьаяьккхина ша аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарх. Республикехь 252 миллиард соьмана кхочушъеш 485 инвестицин проект ю, уьш бахьана долуш 20 эзар вахархочунна белхан меттиг нислур ю аьлла, дIахьединера Кадыровс.