Путине кехат дахьийтинчу йоIа суицид йина
Кхиазхочо суицид яле хьалха социалан машанехь статус хIоттийна хилла "Иштта дера стенна ду шу" аьлла.
"Смоленскан халкъан газетано" хаамбарехь, еллачу йоьIан нана меттигерчу дарбан цIийнехь санитаркан болх беш хиллера. Путин Владимиран цIарах йоIа кехат дахьийтинчул тIаьхьа, дарбан хIусаман администрацино тIе а кхайкхина, бехк баьккхина хиллера цуьнгара. Газетана хетарехь, "и бехкбаккхар ца тайначух тера ду кхиазхочунна".
ТIечIагIина йоцчу информацица, еллачо кехат дитина, шен Iожаллина цхьа а вац бехке аьлла.