Титиевн довхаттар дIахьош ду
"Мемориалан" пресс-секретаро Орлова Юлияс бахарехь, Титиевс дийцина хилла, ша дIалаьцначу шолгIачу дийнахь скотчца дIа а вихкина, шена тIехь ницкъбан Iалашо церан хиларх. Амма цIарца вавзуьйтуш воцчу, хетарехь, лакхарчу даржхочо ца магийна хиллера цунна тIехь Iазап латто.
Карарчу шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев наркотикаш латторна а, яржорна а. Шена дохку бехкаш тIе ца лоцу бакъонашларъярхочо. Шен машен чу наркотикаш полисхоша кхийсина ю аьлла, чIагIдо цо.
ТIепаза байна нах схьалоьхуш, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь нах байарна бехкенаш лоьхуш ша бен болх бахьана долуш шена дуьхьал долийна гIуллакх лору Титиевс.