Хашогги Джамал верна бехкелоручарна Германи бахка дихкина
Хьалхо СаIуда Iаьрбийчоьнан 17 вахархочунна дозанаш туьйхира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Хашогги верах лаьцна верси кеста Вашингтоно дIакхайкхор ю аьлла, хаамбина Iамеркан президенто Трамп Доналда.
СаIуда Iаьрбийчоьнан Истанбулерчу консулаллехь вийна оппозицин журналист Хашогги Джамал карарчу беттан 2-чохь. Юьхьанца Хашогги векалтан гIишлочуьра араваьлла бохуш, чIагIдора Эр-Риядан векалша, амма кхо кIира даьллачул тIаьхьа мукIарло дира, иза вийна хиларх.
Хашоггин дакъа хIинца а каронза ду. СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьалло Хашогги верна бехкевеш лаца кхайкхийра 21 стаг. Амма тIе ца дитира, шаьш гунахь хилар. Бехкевечу 11 гIуллакх кхеле кхачийна. Паччахьаллин прокуроро уьш бойуш кхел яр дехна царна.