Соьлжа-ГIалахь ша-шен эккхийтинчу зудчун цIе йовзийтина Талламан комитето
Паспорт Челябинск махканна тIеяздина делахь а, тIаьххьарчу муьрехь Дагестанехь яьхна Спиридонова.
"Кавказ.Реалиино" бинчу хаамца, зуда ша елла, ткъа цо вийна, лазийна вац кхин стагга а.
Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло дов айдина Оьрсийчоьнан бехктакхаман 317-чу артиклца (полисхочун дахарна тIекховдар).