Соьлж-ГIалахь зуда иккхина полицин постана уллехь
Полицин хьаькамо дийцарехь, саца, бохуш мохь бетташ полисхой а болуш, номер 21 йолчу полицин постана тIе а едда, шен дегIаца йолу бомба эккхийтина цо.
Полицин белхахошна а, могIарерчу нахана а юкъахь кхин вийна а, лазийна стаг вац, бохуш чIагIдо ницкъаллин структурийн векалш.
Эккхийтар дина зуда мила ю къастош бу талламхой. Цхьаболчу хаамашца, иза ю Дагестанан яхархо.
Амма социалан машанашкахь комментареш юьтучу наха, шайна юкъахь тешаша а болуш, шеконе диллина хилларг. Цара дуьйцучуьнан коьртачу чулацам иштта бу: Цхьа а зуда гуш яцара, герзаш а кхиссира цхьа хIума а эккхийтира, кхин хилларг хIумма а дацара...