Убарийн ловзарна юкъара дIадоккхур ду Нохчийчоьнах лаьцна дакъа
Цу кепара шаьш гIалат далийтарна къинтIера довлар дехна Paradox Interactive компанин вице-президенто Шамс Йоржанис.
"Коммерсанто" яздарехь, цу ловзаран сценарехь дуьйцуш ду Нохчийчоьнна урхалла деш убарийн шира тоба хиларх лаьцна, меттигерчу бахаройн цIий моьлуш йолу. Сюжетехь хьахийна ву Оьрсийчоьнан Iедалех бакъдерг хьулдина веха республикан куьйгалхо "султан Рамзан".
Нохчийчоь вочу агIор гойтучу Vampire: The Masquerade ловзаран авторш кхеле озо дагахь ду шаьш аьлла, дIахьединера нохчийн къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а министро Умаров Джамболата.
Paradox Interactive компанино иштта хаам бина, White Wolf студи дIачIаьгIна шаьш аьлла.