Нохчийн тутмакх вийна ши зуламхо чувоьллина Челябинскехь
2015 шарахь ГIура-баттахь цу шимма къиза етта а йиттиина ирхоьллина вийнера Исраилов. Кхелехь бехк тIе ца эцна цу шимма, тутмакх ша шена хорам а бина велла бохуш.
Исраилов верна бехке веш вара кхин цхьа стаг – колонин лахара инспектор Зорин Владимир. Тутмакх вийначу дийнахь таIзаран изоляторехь гIуллакх деш волу иза арfваьлла хиллера Донцовс а, Малинина а дехар а дина. Кхел хилале хьалха иза велла, ша шена герз тоьхна, яздо ББС-но.