СагIа доккхуш ву Нурмагомедов Хьабиб
ESPN олучу Iамеркерчу спортан телеканалан корреспонденто Хелвани Ариела шен Твиттерехь Нурмагомедовн сурт хIоттийна, Нигерехь го баьккхина дIахIиттина бераш а долуш.
Хьалхо Хьабибан менеджеро Iабдул-Iаьзиз Iелас хаам бинера, Африкехь цхьацца гIо-накъосталлин проекташна 1 миллион доллар дайа дагахь ву иза аьлла.