Пьянзин хенал хьалха набахтера аравалийта реза ца хилла кхел
Пьянзинан бехктакхаман гIуллакхца а догIуш, иза а, Нохчийчуьра схьаваьлла ши жима стаг Осмаев Адам а, Мадаев Руслан а хиллера 2011-чу шеран ГIура-баттахь Украинерчу Одессехь цхьана петарахь Оьрсийчоьнан президентана тIелатар дан кечлуш бомба еш. Иза ларамаза иккхинера, Мадаев а вуьйш.
2012-чу шарахь лаьцна волчу Пьянзина дийцира Украинин кхерамазаллин сервисашка шайн Iалашонах лаьцна. Дукха хан ялале лецира Осмаев а. 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалшка дIавеллачу Пьянзинна 10 шо хан туьйхира колонехь даккха. Оьрсийчоьне дIавала кечвина Осмаев Украинехь висира, Iедал хийцадалар бахьана долуш.