Доцуш долу лаьттан дакъош духкуш хилла Майртупара вахархо
Цо дуьйцург цхьаъ ду моьттуш Iеха веллачу 6 стага ахчанаш делла цуьнга 290 эзар соьмана тIера 750 эзар соьме кхаччалц барам болуш. Курхалчо цу кепара гулдина хилла 2 миллион ах миллон гергга сом. Иза хIинца лаьцна ву.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо дийцарехь, бехкевийриг къера хилла ша бехке хиларна. Цо юхаделла ша нах Iехийна даьккхина ахча. Долчу низамашца а догIуш, цу стагана 6 шо хан тоха мегаш ю набахтехь яккха.