ХIуманаш эца тоьлла гIала билгIалъяьккхина Оьрсийчохь
Tvil.ru сайто хаийтина муьлхачу гIалахь шайна оьшу йораха хIуманаш оьцу арабевлла лелачу наха. Рейтиг хIоттийна кху беттан 11-чу дийнахь даздеш хиллачу Дуьненаюкъара шопинган денна хьажийна, социалан машанашкахь хаттар а хIоттийна.
Гучудаьлларг ду хIуманаш эца Оьрсийчохь уггаре а тоьлла гIала респонденташна Москох хеташ хилар (53% кхаьжнаш). ШолгIачу меттехь ю Петарбух (26% кхаьжнаш). КхоалгIачу меттехь, респонденташна хетарехь, ю Сочи (15% кхаьжнаш).