Даьттах тоян йолийна ГIалгIайчоьнан Iедалша
Цу балхана юкъаозийна ю "Ингушавтодор", "Ингушэнерго" а "Газпром" компанеш. Болчу хаамца, Iедалан коьрта Iалашо ю цу юьрта бахархой юхаберзор.
"Интерфаксо" дийцарехь, тIедогIучу шарахь Даьттахахь ян йолор ю керла школа а, берийн беш а. Карарчу хенахь цу эвлахь болх беш ю юьртан администраци, бехаш бу масийтта доьзал. Гергарчу деношкахь Даьттаха лур ю газ а, ток а.