ГIалгIайчохь къаьмнийн доттагIаллин цIа дар хьахийна Евкуровс
ГIалгIайн махкахь 14 къоман-културан юкъаралла ю, церан юкъаметтигаш латтош яц уьш дIатаръян хIусам ца хиларна, бохуш вара Евкуров. Цунна хетарехь, керлачу центрехь вовшахтоха мегар дара цхьанакхетарш а, ненан маттахь йолчу литературан, къоман културан отрибутика а гайтамаш, ткъа иштта дазаден мегар дара дезаденош а.