Москох митингаш хIитто дагахь бу гIалгIайн жигархой
Дозанаш къасторах хилла барт низамашца дац аьлла, Конституцин кхело бина сацам юхабаккха бакъо яц Москохарчу кхелан, карладоккху адвокато Трунов Игора. Хаамашкахь ма яздарра, байначу беттан 30-чохь Конституцин кхело дозанаш къасторах низам Конституцица догIуш дац аьллера. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дош деллера хIетахь, шина махкана юкъахь дозанаш къастор Конституцин гурашкахь ду, я дац хоттуш кхеле кехат дохьуьйтур ду ша аьлла. Дахначу еаридийнахь Конституцин кхеле Евкуровн хаттар дIакхаьчна аьлла хаам хилира.
Нагахь Конституцин кхело бертан куьйгашяздар низамашкахь хилла аьлла, тIечIагIдахь, ГIалгIайчуьра жигархой юха а митинге бовла дагахь бу аьлла, дийцина регионерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана.
Нохчийчоьнна латтанаш дIадаларна дуьхьалберш Москох протестан акцеш йоло дагахь бу аьлла"Мехк Кхел" организацин куьйгалхочо Султыгов Сараждиан.
Ишта жигархойн Iалашо ю Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле бовла а, ца хуьлчу далахь.