Нохчийчуьрчу набахтехь тутмакхийн бакъонаш хьешна меттиг хаабелла
Билгалдоккху, низамашца доцуш "совгIаташ дар а, таIзарш дар а" хуьлуш хилла колонехь, ца ларъеш хилла чохь бохкучийн къинхьегаман бакъонаш а аьлла ду прокуратуран дIахьедар.
Оцу бехкашца набахтин 11 даржхо жоьпе озийна. Ноьвр-кIоштарчу Чернокозовехь ю лоьмар 2 йолу набахте.