ТIеман гIуллакх дечарна доьхкуш ду интернетехь шайх лаьцна хаамаш баржор
Эскархойн хIусамнананойх хьакхалуш бац и бехкам аьлла цо. ТIеман гIуллакх дийраш интересе бу цхьаццайолчу пачхьалкхашкарчу къайлахчу сервисашна а, террорхойн а, экстремистийн а организацешна цхьана аьлла, кхетийна Панковс.
Низам ца лардинчунна дуьхьал Оьрсийчоьнан эскарийн уставца а догIуш, жоьпалла тIедожор ду аьлла тIеман министраллан векало.