Хашоггин дакъа меженашка дIасадаьккхина хIаллакдарх лаьцна дийцина туркоша
Туркойчоьнан прокуратурина хетарехь, зуламхоша хьалххе план яьккхина хилла журналист вен. Цхьа кIира хьалха туркойн полицино шайна бакъо ялар дехна хилла СаIудийн консултвон кертахь йолчу гIу чохь таллам бан, цу чохь журналистан дегIан меженаш къайлаяьхна хила мега аьлла шеко йолуш.
Хьалхо дуьененерчу прессо хаам баржийнера Хашоггин докъан цхьацца дакъош консулствон бешахь карийна аьлла.
Хашогги вийна Гадужу-беттан 2-чу дийнахь, дипломатин миссин керта ваьллачул тIаьхьа. Журналист цига вахана хилла шен хIусамнана ша йитина хиларх лаьцна кехат даккха. ТIаьхьо СаIудийн Iедалш къера хилира журналист консултвон кертахь вийна хиларна.