Оьрсийчоьнан конституцин кхеле дала мегаш ду нохч-гIалгIайн дозанан хаттар
ГIалгIайчоьнан администрацина хетарехь, бинчу барташна талламаш бан бакъо ерш федералан кхелан инстанцеш а бен яц.
Шинарин дийнахь хиллачу гIалгIайн къоман конрессан декъашхоша дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире республикан куьйгалхо массара а дакъалоцучу харжамашкахь харжар меттахIоттор доьхуш.