ГIалгIайчоьнан муфтийна Нохчийчу лелар дагадаийтина Соьлж-ГIалин къедас (видео)
Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов ша волчу варна комментари еш Хамхоевс аьллера, шега жоп далалур дац, меттигерчу кегийрхойх, нагахь Нохчийчоьнан спикер ша волчу юха а вагIахь аьлла.
Иза хета Ильясовна дов даккха гIертар. Цо Хамхоевга хьажийна дина къамел тIехь долу видео зорбане яьлла YouTube-хь.
Цу тIехь Ильясовс шайна дика дага йогIу боху Хамхоев орца доьхуш Нохчийчуь "идина" хан.