ГIалгIайн депутаташ юхаэцна шаьш кхеле бина латкъам
Ткъа хIинца царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIераш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла.
ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо Конституцин кхеле кховдийна латкъам бух боцуш хуьлуьйту, республикан низамашца а догIуш, иза дан лаххара 11 депутат оьшуш волун дела бохуш.