Саммит: Шемахь машар хIоттарца маьрша харжамаш хилийта беза
Францин президенто Макрон Эммануэла дIахьедина, дуьненаюкъаралло Шемарчу хиламашна тIехь лерина терго латтор ю аьлла. Цо билгалдаккхарехь, президентан Асад Башаран ражан, я цуьнан агIончийн муьлххачу а тIеман операцино мегар йоцу тIаьхье юьтур ю кхерамзаллан а, гуманитаран а дакъошкахь.
2011-чу шарера схьайогIуш ю Асад Башарна а, кеп-кепарчу цунна дуьхьал лаьттачу агIончашна а, терроран тобанашна а юкъахь иккхина тIеман конфликт. БIеннашкахь эзарнашкахь нах байина шемарчу тIамехь. 5 миллион сов вахархо мухIажир ваьлла.