Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхошна тIехIоьттина Amnesty International
Адамийн бакъонаш ларъечу жигархойн цIераш тIе язйина дуьсийна лоппаргаш а хийцира Кремлна герггахь стигал, дуьйцу Маршо Радион корреспонденто.
Бух боцу бехкаш бакъонашларъярхошна дуьхьал а дохуш, царна дина тIелатарш листа а ца луьстуш, бакъонашларъярхой бехбеш, провокацин къамелаш до Оьрсийчохь официалан Iедалхоша, ишта Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана аьлла ду Amnesty International организацин пресс-релизехь яздина.
Масала далош хьахийна, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, лаьцна латто Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхо Титиев Аюб. Телевизионан эфирехь Кадыровс Титиев наркоман ву аьлла, дIакхайкхира.
Наркотикаш кхийсина ю аьлла, чIагIдо Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а, ткъа цунна дуьхьалдаьккхина гIуллакх политикан бух тIехь лору.