ГIалгIайчохь зуламаш лелийначарна дина таIзар хийцам боцуш дити
Карладоккху, Налчикерчу кхело набахтехь даккха 7 шо тоьхнера ЦПЭ-н куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна, эпсаран даржах а воккухш.
Арахь даккха кхо шо туьйхира цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна. Центран белхахочунна Безносюк Андрейна 6 шо кхайкхийра, подполковникан даржера а воккхуш.
5, 5 шо кхечира Аспиев Iийсана, ткъа 10 шо хан туьйхира Беков Алиханна. Сунженск кIоштан полисхойн декъан куьйгалхочунна Беков Мохьмадна чохь даккха 3 шо кхайкхийра, подполковникан чинах а воккхуш. Къайлахчу сервисийн хиллачу белхахочунна Цороев Мустафана 5 шо туьйхира.