ШариIатца дов къасто кхайкхинера Даудовс ГIалгIайчуьра вахархо
Нохчийчоьнца дозанаш къастош бартхиллачул тIаьхьа, дуьхьалбевллачу гIалгIашна нохчийн Iедалхоша Iаткъамбеш дуьххьара дац.
Хьалхо Инстаграмерчу шен агIонехь Кадыров Рамзана хааме даьккхира, ГIалгIайчоьнан вахархочунна Яндиев Давудна ша къинтIераваларх, цо шега а, нохчийн къоме а гечдар дехначул тIаьхьа.