ЦIерачара гIело латточарна тIехIуттур бу бакъонашларъярхой
Кхааридийнера карабогIучу беттан 2-чу дийне кхаччалц схьа бакъонашларъярхоша ларбийр бу полисхойн а, социалан белхахойн а ледарлонех бахархоша шайга кхачон хаамаш. Телефон тоьхначарна хьоьхур ду, кхи дIа хьаьнга гIо деха деза, хIун кехаташ кечдан догIу а. Ишта шайга кхаьчна информаци Талламан комитете а хьажор ю бакъонашларъярхоша.
Росстатан зерашца, 2016-чу шарахь цIерачара гIело латтийна 16 миллион зударшкахь.