Токхамаш лайначу нахана гIо деш программа юхайолош ю Нохчийчохь
Оцу программи юкъабахначу наха шайна хIусамаш еш ца хилла хIинццалц, тIейогIучу заманчохь ахча кара а ца луш, царна хьалайина хIусамаш дIасайоькъур ю аьлла, хаамбина Нохчийчуьрчу гIишлошъяран министралло.
"Кавказан узел" агенталле арздинера кху гурахь бахархоша, токхамаш лаьттачу меттигашкара шаьш дехьадахарна сихо ца йо Iедалша аьлла.
ГIишлошъяран урхаллан хаамашца, 26 эзар стаг ву тахана токхамаша цIенош дохийна, тховкIело йоцуш виссина. Амма кху шарахь царех 178 вахархочунна бен гIишло кхачо аьтто ца нисбелла.
Уггар а токхаме зонаш йолу меттигаш лору Нажин-Юьртан, Хьалха-Мартан, Терйистан кIошташкахь.