Хьехархочо йиттинчу беран могушалла цхьатерра ю
Маршо Радионо хьалхо яздира, коьртан хье лазийна Нохчийчуьрчу дарбан цIийне 6 шо долу бер кхачорах. Болчу хаамашца, Соьлжа-ГIаларчу цхьана берийн бешахь цунна тIехь Iуналла дан хIоттийначо йиттина хиллера цу кIантана.
Прокуратурно дийцарехь, хIиттийначу видеокамераша дIаяздина хиллера, берана еттар. Иштта гучудаьлла, хьехархочун говзалла а йоцуш иза болх беш хиллийла цу берийн бешахь.