Москох Немцов вийначу меттигехь зезагаш дехкина Трампан хьехамчас
Хьалхо цхьанакхетар хилира Болтонан Оьрсийчоьнан тIеман министрца Шойгу Сергейца. Доккхачу декъанна цушиммо дийцаредира Шемех а, тIеман урхаллийн контактех а.
"Керланаш" агенталло хаамбарехь, дийцарш "кхиаме а, пайде" дара аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан хьехамчас. Ишта гергарчу хенахь цхьанакхета лерина ву Болтон Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца а.