Оьрсийчуьра муфтий дуьхьал ву дозанашна тIехула митингаш хIитторна
"Тхо догйовха ду, оцу шина вежараллин къаьмнашна юкъахь а, республикашна юкъахь а компромисс карийна ца Iаш, церан барт а, вовшах кхетар а хир ду аьлла", - дийцина Таджуддина ТАСС агенталан корреспонденте.
Байначу беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а куьйгашяздира шина республикана юкъара дозанаш билгалдохуш. Цу тIаьхьа шина кIиранах Магасехь протестан митингехь лаьттира гIалгIай.