Шен адвокаташ дIатеттина Хазбиевс
Оршотдийнахь Хазбиев Мохьмадан довхоттучу баьхкинера меттигерчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Акиев Тимур а, Хазбиевн гергарнаш а, накъостий а. РогIера кхелан кхеташо тIедогIучу оршотдийнахь хир ю аьлла, дIакхайкхийна.
Дуккха а шераш ду Хазбиев Мохьмад ГIалгIайчоьнан Iедалца къийсало, бахархой протестан гуламашка бохуш. Цо кест-кеста емалйора махкара коррупци, шена харцонна тIехь бу аьлла го куьйгалхой, ша аьлча, ГIалгIайчоьнан лидер Евкуров Юнус-Бек.
Шен махкара ведда, Нохчийчохь цуьнан къайлавалар нисделира 2015-чу шеран юьххьехь. Ростов гIалахь ядийна, лохуш йолу Тойота Лэнд Крузер Хазбиев Мохьмадан кертахь карийна, аьлла ю полицин претензи. Иштта, машенан лоьмарш хуьйцу гIирс а, герз а даьккхина цуьнгара, чIагIдо Iедалхоша.
Цул сов Хазбиевна бехке дуьллуш ду, бакъо а йоцуш, цIахь герз латтор а, Iедалхой аьшнашбар а. Цо бехк шена тIе ца лоцу. Бехктакхаман гIуллакх шена дуьхьал долоран бахьана хета Хазбиевна, ша дIахьош болу юкъараллан-политикан болх.