Шен бер совгIатна делла нохчийн зуда чуйоьллина ГIебарта-Балкхаройчохь
Кхелахоша къасторца, 2016-чу шарахь марехь йоцуш Нохчийчохь бер дуьненчу а даьккхина, шен гергарчарех шегара даьлларг къайладаккхархьама ГIебарта-Балкхаройчохь цхьана зудчунна дIаделла хилла цо иза.
ГIуллакх теллинчул тIаьхьа, къона нана бехкехилар тIе а чIагIдина,4 шарна набахте хьажийна иза.