Комендантан сахьт 18 шаре бовлазчу кегийрхошна юкъадаккхар хьехна Ростовхь
Карарчу хенахь Ростов кIоштахь буса 10 сахьт даьлча Iуьйранна 6 сахьт даллалц баккхийнаш цхьана а боцуш 16 шо кхачанза кхиазхой арахь хила йиш яц.
Низамаш хьоьшучу дена-нанна юкъадаьккхина гIуда. Дуьххьара къепе йохаяхь 100 соьма тIера 500 соьме кхаччалц гIуда охьадилла дезар ду берийн дайн, нанойн.