«Электроцинк» заводехь цIе яларна Владикавказера дIаоьхуш бу бахархой
ЦIе йойуш велла цхьа цIеяйархо. Кхин а кхо стаг вагийна. Верриг а цIе йойуш дакъалоцуш ву 146 стаг а, 42 машен а.
"Электроцинк" заводан территори 70,2 гектар ю. Цигахь болх беш ву 1,8 эзар белхало.
Кавказ.Реалиино бинчу хаамца, цIеялар бахьана долуш Владикавказера дIаоьхуш бу бахархой.