Берлинехь нохчийн кIант ша вийна хилар хаийтина 10 шо долчу лулахочо
Нохчийн кIант кхелхинера кху беттан 14-чу сарахь.
Berliner Morgenpost зорбанан гIирсо дийцарехь, цу кIанта дуьйцург догIуш ду тешаша дийцинчуьнца а, видео камераша дIаяздинчуьнца а. Делахь а полицино дIа ца лаьцна зуламхо, ханна жима ву аьлла. Низамашлардархошна хетарехь, нохчийн кIант вен я лазо дагахь ца хилла иза.