Шен хIусамда верна зуда бехке йина Дагестанехь
Инцидент хилла Магарамкентан кIоштахь. Талламхойн версица, кху беттан 15-чохь 40 шо долчу зудчуьнан дов даьлла шен 48 шо долчу хIусамдеца, малар мелла хилар бахьана долуш.
Майра етта волавелла шен зудчунна, иза а, шайн йоI а юьйр ю ша бохуш кхерамаш а туьйсуш. Цунна дуьхьало ян гIоьртинчу зудчо урс тоьхна хIусамдена. Хиллачу чевнах оццу сохьтех велла стаг.