Магасера митинг дIасаяьлла
Цул сов ГIалгIайчоьнан Iедалша бакъо ца еллера царна кхин дIа а митинг латто. Делахь а и акци дIаяхьа бокъо елла цара ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь дуьйна Лахьан-беттан 2-чу дийне кхаччалц.
Хьалха къевлина хилла митинг дIахьочу майданна тIедоьлху некъаш даьстина. Майданехь бисина ха деш болу полисхой, амма гIагIадиллина машенаш цигара дIаяьхьна.