РогIера митинг хир ю Магасехь хIара бут чекхболуш
Кхаарин дийнахь чекхйолуш ю Iедалша дIаяхьа бакъо еллачу митинган хан. Республикан бахархойх цхьаберш, Iедалшца дага а ца бовлуш, дуьхьалонан акце арабевлла, Нохчийчоьнца бина барт юхабаккхар доьхуш.
Митинг Iедалшца дагадевлла йолийна ца хиллехь а, юкъараллин къепе йохийна хиллехь а, акце арабевллачу наха некъаш доьхкуш меттигаш нисйеллехь а, Iедалша сатуьйхира, цу нахана дуьхьал ницкъ ца боккхуш.
Кхаарин Iуьйранна Магасехь дIахьочу митинган декъашхошка кхайкхам бинера ГIалгIайчоьнан Iедалша, низам талхорах ларло аьлла.