ГIалгIайчохь лачкъа а вина, йиттина хилла Amnesty International-ан белхахочунна
Цунах лаьцна хаам бина Amnesty International-о шен сайта тIехь. Кху беттан 6-чохь, Iеха а вина, хуьнха а вигина, йиттина хилла цунна. Зуламхоша, тIера хIуманаш дIа а яьхна сурташ а даьхна, кхерамаш а тесна, Къилбаседа ХIирийчу а вигина, дIахецна бакъонашларъярхо. Цу наха шаьш меттигерчу экстремизмаца къийсам латторан центран (Центр Э) белхахой ду аьлла Козловскийга.
Козловскийс твиттерехь яздина, ша Оьрсийчуьра дIавахана аьлла.