Тухуговн метта Лобовх летар ву Джонсон
Тухугов дIаваьккхина Макгрегор Конор а, Нурмагомедов Хьабиб а тасавеллачул тIаьхьа хиллачу къепедацаршкахь дакъалацарна. Цул тIаьхьа UFC президенто Уайт Дейна дIахьедар динера, цу дийнахь хиллачу буй-тIарехь дакъалаьцначех цхьана а стага дакъалоцур дац шайн турнирашкахь аьлла.
Лобовн 32 шо ду. Шен UFC карьерехь кхузза тоьлла иза, кхузза эшна. 32 шо долу Джонсон 19-зза летта UFC турнирашкахь. Царах 10-хь толам баьккхина цо.