Балхара дIабаьхна Соьлж-ГIалин кIоштийн префекташ
Цо дийцарехь, цу кIоштийн префекташ ларош ца хилла шайн декхаршца. Коьртачу декъана иза хьакхалуш ду газах а, тоьках а декхар схьалахьорца боьзначу балхах. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, цу хаттарехь шайна атта болу некъ хаьржина хилла цара, бахьанаш ца къестош, декхар тIехь долчу нехан ток а, газ а дIа а хедош.
Кадыровс билгалдаккхарехь, Соьлж-ГIалин кIоштийн префекташна кхин болх лохур болуш бу, церан хьуьнаршка хьажжина.