ДаIишхойх дIакхеттачу гIалгIайн зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна
"ДаIишхойн могIаршкахь йолчу цо лоьрийн гIо латтадо гIаттамхошна, ишта кхача кечбо, бедарш юьтту, теарш до, хIусамашкахь цIано латтайо, ишта герз цIандо", - аьлла бу ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан хаамехь.
Шен лаамехь даймахка юхаярхьама оцу зудчо цхьа а гIулч ца яьккхина, чIагIдо урхалло. "Террорхойн организацин декъашхо" иза хиларца, бекхзуламан гIуллакх диллина цу зудчунна дуьхьал.